Дагестанерчу суьдан пурстоьпашна талламаш беш бу лерринчу сервисийн белхахой

Архивера сурт.

Кехаташ схьа а дохуш, Дагестанерчу суьдан пурстоьпашна таллам беш бу лерринчу сервисийн белхахой, хаам бо "Интерфакс-Юг"агенталло.

Цуьнан хьастано дийцарехь, лехамаш дIахьош бу Федералан пурстоьпийн сервисан урхаллан, Орджоникидзен урамехь йолчу коьртачу хIусамехь.