Израилан тIеман кема чудаийтина Шемахь

Израилан тIеман кеманах диснарг.

Израиалан тIеман кема чудаийтина Шоьтан Iуьйранна, Шеман ПВО-но ракета тоьхна. F-16 охьадоьжна Израилан территори тIехь.

Цунах лаьцна хаам бина цу пачхьалкхан Армин векло. Цо дийцарехь, пилоташ кIелхьарбевлла.