Оьрсийчуьрчу берийн Iаьнан садоIу денош дIататта тарло

Оьрсийчоьнан дешархойн Iаьнан садоIу хан дIататтар дийцаредо кабинетийн министрехь. Къилбаседа Кавказехь когсаласаш хохкуш садаIарна пропаганда ярхьама беш бу и хийцам аьлла вице-премьера Хлопонин Александра "Оьрсийчоьнан газетане".

Цо бахарехь, берийн садоIу денош когсалазаш хохкучу хенаца цхьана нисдина хила дезаш ду.

Доккхачу декъанна, Хлопонина билгалдаккхарехь, и кепаш оьшу Къилбаседа Кавказерчу туристийн когсалазаш хоьхку курорташ кхиорхьама. Европан мехкашкахь берийн садоIийла Альпашкахь ло диллинчу хенаца Iедалша нисъеш хиларх а хьахийна Хлопонина.

"Лаьмнашкахь когсалазаш хохку спорт яржайо иштачу графико. Цкъачунна вай долчахь и гIуллакх дIанисделла дац. Дерриг а дозуш ду хенан хIоттамах а, даккхий лайш хиларх а. Ло дацахь, когсалазийн хан дIайолу, и нийса дац", - аьлла, билгалдаьккхина вице-премьера.

Цкъачунна оцу экспериментна гонах дийцарш ду дIахьош. "Нагахь вай долчу спортан школашкара когсалазаш хахкархьама гергарчу регионашкара бераш догIуш хилча, садоIу хан жимма дIаттата деза", - аьлла, дIахьедина Хлопонина.