ТIеман ветеранийн сийдар низамашкахь тIедожош ду Нохчийчохь

Нохчийчоьнан парламенто низаман проект кечйина тIеман ветеранийн сийдайинарг бехке озош, ишта даймехкан тIамех харцдерг дийцинчунна а, бакъдерг харцахьадаьккхинчунна а таIзар деш. Парламентан кхеташонехь бина и хаам парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Низаман проект йийцарейийр ю парламентан кхеташонехь еаридийнахь.

Кхеташонан жамIашка хьаьжжина пачхьалкхан Думе дIакхачор и низаман проект.

Оцу документо хийцамаш бо федералан низамашкахь, бехкзуламан таIзар юкъадаладо тIеман ветеранаш сийсазбечарна а, беллачийн иэс талхочарна а.

Низаман проект юкъаяьккхина мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан инициативаца. Кху беттан 2-чу дийнахь Твиттерерчу шен агIонтIехь цо яздинера, хаа а хууш даймехкан тIамех бакъдерг эрчадоккхучарна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш даха деза аьлла.