Пхенчханехь хоккейн матчехь Сталинан сурт тIехь баннер гучудаьккхина

Пхенчханехь олимпикан турнирехь Оьрсийчоьнан хоккейн тобано Словенерчу ловзархошца толам боккхуш хиллачу матчехь Сталинан а, Путинан а суьрташ тIехь долу баннерш гучудаьхна Оьрсийчуьрчу фанаташа. "Спорт-Экспрессан" коьртачу редакторан гIовса Симонов Дмитрийс Твиттерерчу шен агIон тIехь публикаци йина суьртийн.

Цхьана баннер тIехь триколоран фонехь гуш Сталин Иосифан сурт ду, шолгIачунна тIехь Оьрсийчоьнан спортхошца Путин Владимиран сурт.