Нохчийчоьнан муфтийс дакъалоцу Мисарахь конференцехь

Оршотдийнахь бусулба пачхьалкхашкара динан дай гулбелла Мисарарчу Каирехь "Терроризм а, цо дохьу зуламаш а, иза муха эшон еза а" дуьйцучу конференцехь. Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь а ву цу боламехь дакъа лоцуш.

Мисаран Сада Балад хаамийн гIирсо яздарехь, кIиран суьйранна Каире кхаьчна СаIуда Iаьрбийчуьра а, Чадера а, Конгора а делегацеш.

Межиевца цхьана бу цуьнан гIовсаш Даудов Турко а, Хашуев Лоьма а.

Синайн ахгIайри тIехь Мисаран Iедалхоша гIаттамхошна дуьхьал къийсам дIахьочу заманчохь вовшахтоьхна ю конференци.