ПIераскан Iуьйранна Бакохара наркологин центрехь цIе яларан бахьанашца 20 сов стаг велла. Азербайджанан хаамийн гIирсийн зерашца, лаххара а 2 эзар пациент а, хьукматан белхахой а кIелхьарабаьхна орцанхоша.
Болчу хаамашца, Iуьйранна 6 сахьт долучу заманчохь гIишлон цхьахйолчу корпус чохь цIе кхерстина.
Бехкзуламан гIуллакх а диллина, цIеяларан бахьанаш зуьйш ду.