Лелхийтарш дарна кхерам хиларна школаш дIасахецна Ростох

Архивера сурт.

Ростох школашкара берриг а дешархой дIахецна лелхийтарш дарна кхерам бу аьлла. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.

Меттигерчу Iедалан векалша дийцарехь, билггала бомбанаш муьлхачу школашка ехкина хууш дац. Цундела цара дешаран процесс юкъахъяьккхина ерриг а гIаларчу школашкахь.

161.ru сайто яздарехь, мила ву ца хуучу стага полице телефонехула хаам бина, Ростох кхаа школехь ехкина бомбанаш ю аьлла. Цо ахча дехна Iедалшка.

Стохка Гезгмашин-баттахь доладелира Оьрсийчохь цхьацца меттигашкахь минанаш ехкина бохуш харц хаамаш баржор. Цкъачунна церах цхьа а бух болуш карийна бац.

ДIадаханчу шеран ГIура-беттан 20-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо низам тIеийцира «телефанан террор» лелийначу нахана таIзар дар чIагIдеш. ХIинца цунна бехке болу нах чубохка богIуш бу, 3-7 шо хан а тухуш.