Межиев: СаIудахой а, гIажарой а юкъагIерта оьшуш дац Оьрсийчуьрчу бусалба юкъараллана

Межиев Салахь.

Нохчийчохь муфтий волу Межиев Салахь кIоршаме вист хилла СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхан а, ГIажарийчоьнан а Iедалшка. Мисарарчу «Миср Iарабия» газетана интервью луш, цо кхайкхам бина цаьрга Оьрсийчуьрчу бусулба нахана Iаткъам бан гIертар дита аьлла.

«Оха Нохчийчохь лору ерриг а пачхьалкхаш, ткъа мегар дац зе дан дуьненаюкъарчу юкъаметтигашна. Делахь а, СаIудийн Iаьрбийчоь а, ГIажарийчоь а шайн шиIатийн а, ваххабитийн а мазхабашца юкъагIерта оьшуш дац тхан Оьрсийчуьрчу бусалба юкъараллана», - аьлла Межиевс шен интервьюхь, даладо цуьнан дешнаш «Кавказ.Реалиино».

Нохчийчуьра муфтий Мисара воьдуш ву терроризмаца къийсам латторца йоьзначу конференцехь дакъалаца. Иза цигахь хир ву Оьрсийчоьнан цIарах.