Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцуш волу Явлинский Григорий кхаьчна Соьлж-ГIала, Старопромыслан кIоштахь Титиев Оюбана тIехь дIайоьдучу суьдехь дакъалаца.
Вевзаш волу политик дагахь ву ша, дошлардаран тоьшалла а хилла, бакъонашларъярхо Титиев талламан изоляторера араваккхар доьхуш кечдина кехат дIадала суьдхочуьнга.
Цу тайпа дехар ша суьде дина Титиев Оюб шена вевза дуккха а хан хиларна, боху Явлинский Григорийс.