Асадан эскаршна ракеташ тоха мегаш ю Iамерко

Iамеркан президент Рамп Доналд.

Iамеркан администраци дийцаре деш ю Шеман Iедалан ницкъашна тIеман тохарш дарца доьзна хаттар. Иштта жоп дала дагахь ю Вашингтон, Асадан ницкъаша Шемахь дIаьвшен герз лелийна хиларна. Цунах лаьцна хаам бина The Washington Post-о.

Цу газето яздарехь, президенто Трамп Доналда дехар дина шен Iедалан векалшка, цу тайпа тохарш дарца доьзна хаттар талла аьлла, Шемахь хлор лелийна хилар гучудалар бахьана долуш.