Хазбиев Мохьмада мацалла кхайкхийна

Оппозиционер Хазбиев Мохьмад

Герз леийна, Iедалан урхаллехь берш сийсазбеш, къамелаш а дина аьлла, ГIалгIайчохь лаьцна латточу оппозиционеро Хазбиев Мохьмада мацалла кхайкхийна. "Медиазоне" бина и хаам цуьнан адвокато Ибриева Хедас.

Цо бахарехь, Хазбиевс и сацам тIеэцна, адвокаташа цунна тIе лор кхачаве бохуш, дина дехарш тергамза дитарна. Бутт хьалха кхело тIе ца дитира, Хазбиев лаьцначуьра маьрша а ваьккхина, шен цIахь тергонехь латторна. Зорхех цIий оьхуш волу и, СИЗО-хь латтавойла дац бохуш, адвокато доьхура иза цIахь латтор.

Фейсбукерчу шен агIон тIехь оппозиционеро яздина, ша мацалла кхайкхийна, "бакъоне даха дог доцу дела", аьлла.

2015-чу шарахь дуьйнна дуьненаюкъарчу лехамашкахь вара Хазбиев Мохьмад. Нохчийчохь лечкъина вара иза оцу шерашкара схьа.

Дечкен-беттан 11-чу дийнахь Назранехь лаца а лаьцна, СИЗО-хь латтош ву иза. ГIалгIайчу а веана, Iедална тIеваха сацам бинера Хазбиевс.

Ша цхьана а хIуманна бехкехилар тIе ца дуьуту Хазбиевс, оппозицехь а, бакъонашларъярехь а ша бен болх бахьана долуш, Iедал шена тIаьхьадаьлла лору цо.

Регионерчу ПАРНАС партин куьйгалхо вара Хазбиев Мохьмад.

Цо масийттазза критика йора гIалгIайн Iедална а, Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна а.