Нохчийчохь кхаьжнаш тийса буьйлабелла

Iуьйранна 8 сахьт даьлча схьайиллина Нохчийчохь Оьрсийчоьнан президентан харжамийн каппаш. 475 куп хир ю тахана Нохчийчохь болх беш. 21 царех ханна йиллина ю, 12 эскархойн дакъошкахь, 8 дарбан хIусамашкахь, 1 Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь тутмакахашна лерина йиллина.