Telegram-н иск юхатоьхна Оьрсийчоьнан Лаккхарчу суьдо

Telegram-н баннер.

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу суьдо юхатоьхна Telegram мессенджеро Федералан кхерамазаллин сервисе (ФСБ) кховдийна иск. Цунах лаьцна хаам бо "Медиазоно".

Telegram-н векалша доьхург дара ФСБ-но хаамаш схьабаста оьшуш долу догIанаш шайга схьало бахар низамца догIуш цахилар даре дар.

Telegram-н векалш тетевжарг ю, бахархоша вовше яздийриг лардеш йолу, Оьрсийчоьнан Конституци. Амма ФСБ-но цунна дуьхьал дIахьедарш до, мессенджер лелорхоша яздийриг Конституцино ларйеш йолу информаци яц бохуш.

Стохка шо чекхдолуш, шифраш схьаяста догIанаш ца делла аьлла, Telegram-на гIуда туьйхира 800 эзар сом барамехь. ХIинца и мессенджер дIакъовла мегаш ю Оьрсийчохь.