ГIалгIайчоьнан бахархоша бина латкъамаш толлур бу лерринчу комиссино

ГIалгIайчоь. Архивера сурт.

Оьрсийчоьнан президентан харжаман кампани дIайоьдуш Iедалшна йина критика талла леррина комисси кхуллур ю ГIалгIайчохь. И хаам бина Евкуров Юнус бека журналисташца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.

Комиссино толлур ду президентан дарж къовсуш хиллачу кандидатийн меттигерчу векалша Iедалша социала-экономикан хьашташ кхочуш деш дац аьлла бехке дар.

Комиссино шен болх берзийча меттигерачу телехьожийлехь эфир йийр ю цу нахаца карийна кхачамбацарш а дуьйцуш.