Lenta.ru: Оьрсийчохь лехамехь волу Турлаев гайтина Кадыровc шен видеохь (видео)

Нохчийчоьнан куьйгалхо, онлайн эфирехь а гойтуш, цхьаьнакхетта федералан лехамехь волчу шен хьехамча хиллачу Турлаев ШаIица. И видео Кадыров Рамзана дIахIоттийна шен «ВКонтакте» йолчу официалан агIона тIехь. Кадыров онлайн трансляци еш вара Бенара, хаам бо Lenta.ru сайто.

Цо дийцарехь, цкъа дуьххьара лаьмнаш, тIаккха даарех дуьзна шун, юха и даарш шеца даа гулбелла шен накъостий гайтира республикан куьйгалхочо. Царна юкъахь вара Хасав-юьртан мэр хиллачу Умаханов Сайгидпашана а, политикана Ямадаев Iийсана а тIелатарш вовшахтохарна 2010-чу шарахь дуьйна феделаралан лехамехь волу Турлаев. «Тоьллачех а тоьлларш», - комментари йира видео йоккхучу Нохчийчоьнан куьйгалхочо, - яздо Lenta.ru сайто.