Президенто Трампа тIечIагIйина 1,3 триллион доллар барамехь йолу Iамеркан бюджет

1,3 триллион доллар барамехь ю Iамеркан бюджет кху шарахь.

Iамеркан президенто Трамп Доналда тIе куьг таIийна Цхьаьнатоьхначу Штатийн федералан 2018-чу шеран бюджетах лаьцначу низамана. Цу бюджетан барам бу 1,3 триллион доллар.

Низам тIечIагIдеш церемони хилла Вашингтонехь, КIайн ЦIийнехь.