"Мемориал" Дагестанерчу декъан куьйгалхочунна йиттина ХIинжа-гIалахь

Архивера сурт.

ХIинжа-гIалахь кхаарин Iуьйранна къиза йиттина "Мемориалан" Дагестанерчу офисан куьйгалхочунна Дациев Сиражутдина, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Муьлш бу ца хуучу наха тIехьаша тIелатар дина Дациевна, иза вехачу цIенона хьалха.

Бакъонашларъярхо охьавиллина республикан клиникан нейрохирургин декъе. Зулам динчу меттехь болх беш бу талламхой.