Iамеркан суьдехь ша бехке хиларна мукIарло ца дина Оьрсийчуьрчу хIакеро

Никулин Евгений.

ХIакеран тIелетарш дарна Iамерко бехке вечу Оьрсийчоьнан вахархочо Никулин Евгенийс, бехк шена тIе ца лаьцна, Сан-Францискохь хиллачу кхелехь шега дош делча. Цунах лаьцна хаам бина Reuters агенталло.

Никулин иштта реза ца хилла суьдхочо деллачу хаттаршна жоьпаш дала, ур аттал шен цIе яккха а я шен маса шо ду ала а.

Шен агIор суьдхочо дIахьедар дина, хIакералла лелор могIарера зулам дац, иза Iамеркахойн кхерамазаллана а, церан долахь болчу бахамна а кхерамаш тийсар ду аьлла.

РогIера кхелан кхеташо хир ю Никулинан гIуллакхехула Охан-беттан 2-чу дийнахь.

Никулин Евгений Чехийн полицино лецира 2016-чу шарахь ПрахIехь, Iамеркан дехарца Интерполо еллачу ордерца. ПIераскан дийнахь Чехин Республикан юстицин министралло бакъдина иза Iамерке дIавелла хилар.