Суворовн цIарахчу доьшаллин куьйгалхо даржах вохийна Соьлж-ГIалахь

Архивера сурт.

Соьлж-ГIаларчу Суворовн олучу доьшийлан куьйгалхо дIаваьккхина балхара. Болчу хаамца, ахчанца хьарамлонаш лелийна хилла цо. Оцу дарже хIоттийна циггехь болх беш волу кхин эпсар.

ДIаваьккхинчунна хIун таIзар дина хууш дац. Соьлж-ГIалахь Суворовн доьшийла схьайиллира 2008 шарахь. Цигахь доьшуш ву 150 курсант.

Кхаа шарахь дешначул тIаьхьа церан аьтто бо Оьрсийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхан министраллан лаккхарчу доьшийлашка баха.