Университетехь герз тоьхна 4 стаг вийна Туркойчохь

Туркойчоь. Архивера сурт.

Герз диттина виъ стаг вийна Туркойчоьнан къилбаседа-малхбузехь Османгази университетехь. Цунах лаьцна хаам бина меттигерчу Анатолин агенталло.

Дийцарехь, университехь Iиламанан талламча болх бечу стага вийна деканан гIоьнча а, факултетан секретар а, хьехархо а, кхин а цхьана факултетан белхахо а.

Полицино лаьцна бехкениг.