Муцураевн кхолларалла хазахета зуда жоьпе озийна Нохчийчохь

Соьлж-ГIала.

Нохчийчоьнан яхархо жоьпе озийна прокуратуран белхахоша интернетехь Муцураев Тимуран эшарш яржорна, хаам бо Кавказский узело". Оьрсийчохь а вевзаш волчу бардан кхолларалле безам хиларна рогIера бекхам хилларг мила ю дуьйцуш дац.

Муцураевн эшарш хазахеташ дукха нах хилар гойту хIора баттахь цуьнан кхолларалла яржийнчарна таIзарш деш хиларна. Амма цуьнга хьаьжна доцуш, цуьнан аз декаш ду Нохчийчоьхь, тоьшалла до бахархоша.