Шемара гIаттамхой дIабаха кийча бу, масийтта шарахь шайн карахь хиллачу Димашкана гергарчу кIоштара. ТIедогIуш Шеман Iедална муьтIахь долу эскар а долуш, Малхбалерч Каламунехь йолчу масийтта гIалара шайн доьзалшца цхьаьна арабовла реза хилла оппозицин тIеман тобанийн декъашхой.
Шеман къилбаседехь йолу и территори дIалоцур ю президентана Асад Башарна мутIахь болчу тIеман ницкъаша. Цу хьокъехь барт хилла шина агIонан, юкъарло лелош Оьрсийчоь а йолуш.
ГIаттамхой Малхбалерчу Каламунера дIабаханчул тIаьхьа, церан Iуналлехь юьсур ю ХIомс провинцехь йолу анклав а, ткъа иштта Шеман къилбаседехь а, къилбехь а, къилбаседа-малхбалехь а дозанца йолу терроритореш а.
Цу махкахь тоIм болабелчхьана дуьххьара юккъера Шема ерриг а хир ю Асадан режиман куьйгакIеллахь.