Италехь вехачу нохчочунна пхи шо хан кхайкхийна набахтехь яккха

Теракташ дина ву аьлла, набахтехь даккха пхи шо хан кхайкхийна Италехь вехачу Нохчийчуьрчу вахархочунна Бомбаталиев Iелина. Бари гIаларчу кхело тIеэцна и сацам, яздо италхойн Ansa агенталло.

Хьалхо хаамийн гIирсашкахь дуьйцуш ма хиллара, Италин Къилбехьа лаьцнера Бомбаталиев, Соьлжа-гIалина тIелатар дарна а, Нохчийчуьрчу террорхойн тобанан декъехь латтарна а бехкевина. Италин прокуратуран хаамашца, иштта кечдеш хилла цо кхи а керла теракташ а.

Лелхийтарш дан декхарийлахь хилла хила тарло цуьнан хIусамнана, иза лаьцначул тIаьхьа Оьрсийчоьне дIаеллера.