Кабулехь динчу эккхийтарехь байина Маршо Радион журналисташ

Your browser doesn’t support HTML5

Лаххара а 29 стаг вийна ОвхIанистанан коьртачу гIалахь Кабулехь динчу шина эккхийтарехь. Царна юкъахь ву 9 журналист. 50 сов стаг чевнаш хилла ву. Цига баьхкинчу журналисташна юкъахь хилла репортерах тарвелла веана Iожалхо. Цо эккхийтина шен дегIах йихкина бомба.