ГIажарийчохь дIакъевлина Telegram

Аятолла Хаменеи.

ГIажарийчоьнан Iедалша блок хIоттийна Telegram мессенджерна, хаам бина Reuters агенталло, цу махкарчу зорбанан гIирсашна тIе а тевжаш.

ГIажарийчоьнан пачхьалкхан телевизионо дIахьедар дина, и сацам боьзна бу "пачхьалкхан кхерамазаллин хьашташца" аьлла.