Кортеж йоцуш ваха мега Путин шен инаугураце

2012 шо. Инаугураце вогIучу Путин Владимиран кортеж.

Оьрсийчоьнан президент хаьржина волу Путин Владимир шен инаугураце ваха мега, Москох урамашкахула кортеж гонах хIоттийна а ца воьдуш.

Цунах лаьцна хаам бо РИА Новости агенталло, и мероприяти муха вовшахтухуш ю хуучу хьастана тIе а тевжаш.

Кортежах пайда ца оьцуш Путин юхавала мегаш хиларан бахьанаш хууш дац.

Президентан инаугураци хир ю кху беттан 7-чу дийнахь. Путина Кремле а вахана йоьшур ю чIагIонан текст.