Саидов Билал. Сан стихе

Your browser doesn’t support HTML5

Саидов Билал. Сан стихе

Саидов Билал

Сан стихе

Цу лаьмнийн баххьашкахь,
Йист йоцчу арешкахь,
Стигланийн лакхенгахь,
Цу хIордийн тулгIешлахь,
Лийлира со ца Iебаш,
Хьоьца некъ марзбелла,
Сайл тIаьхьа лар юьтуш,
Хьуна хьалха ваьлла.

Со букар хьаьвзина,
Эшна де деача,
Iожалла сихъелла,
Ирча де деача,
ХIун дер-те ахь тIаккха,
Вай вовшех къаьстича,
Кхин хьаста стаг воцуш
Хьо байлахь йисича?..