Дагестанерчу берашна совгIатна iPhone X телефонаш елла Кадыровс

Дахначу мукъаденошкахь Нохчийчохь хиллачу Дагестанан коьртачу шахьарерчу дешархошна iPhone X телефонаш елла совгIатна мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Инстаграмерчу шайн агIон тIехь бина и хаам ХIинжа-гIаларчу лоьмар 18 йолчу школан 7-чу классера дешархоша.

Кхиазхоша дийцарехь, кIирандийнахь Соьлжа-гIалин урамехь буьйлабелла лела хIорш Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыровн кортежа тIеIиттабеллера ларамза. Кадыровс рэперан Тиматин бургерийн кафе чу кхайкхинера уьш хьошалла дан. ТIаьхьо куьйгалхочун гIоьнча веара цига хIоранна а iPhoneX телефонаш а йохьуш (цхьана телефонан мах 70 эзар сом).

КIиран суьйранна Дагестанерчу берашца хиллачу цхьанакхетарх сюжет гайтира меттигерчу телехьожийлехь.