ООН-ан эксперташ: Оьрсийчохь адам лахлур ду 2050-чу шаре кхачале

Оьрсийчоьнан бахархойн терахь 2050-чу шарахь 133 миллион стаге охьадер ду. Оцу хьесапашка баьхкина ООН-ан социалан а, экономикан а хеттарш луьстучу Департаментан эксперташ. Прогнозо гойтург бакъ делахь, 2015-чу шарца дуьстича, Оьрсийчоьнан бахархой дебар лахделла 20 миллион стагна. Росстатан зерашца, стохка 10 процент жимделлера дуьненчу дуьйлучу берийн терахь а. Баларш алсам ду Оьрсийчохь.

Юкъарчу барамехь аьлча, Оьрсийчохь адам 72, 5 шарахь бен ца деха. Хьалхо эксперташа довзийтира, мича бахьанашца хан яцйо адамо шен. Къаьркъа мелар, юучуьнца лар ца валар, спортаца гергарло цалелор дара билгалдаьхначу бахьанашлахь.