Марселехь лаьцна нохчи болгарин хилла

Архивера сурт.

Францин къилбехьа Iуьллучу Марселехь бомба вовшахтосу коьчаллаш хила мега аьлла шеко йолуш нохчи лаьцнааьлла хаам баьржира зорбанан гIирсашкахь Iуьйранна, Стигалкъекъа-беттан 22-чу дийнахь.

Полицино таллам бича гучудаьлларг ду и стаг болгарин хилар. Цо ша нохчо ву хIунда аьлла цкъачунна хууш дац.