Трамп юхаваьлла Ким Чен Ын-ца цхьаьнакхетаре вахарх

Трамп юхаваьлла Ким Чен Ын-ца цхьаьнакхетаре вахарх. Цу хьокъехь кехат хьажийна Iамеркан президенто Къилбаседа Корейн хьалханче. Цуьнан текст арахецна КIайн ЦIийнан зорбанан сервисо.

Цу кехата тIехь аьлла ду, Къилбаседа Корейно вуно йоккхачу оьгIазаллица а, хьул а ца деш, мостагIаллийца а деш долчу дIахьедарша ца оьшуш дон карарчу хенахь и сатийсина цхьаьнакхетар аьлла.

Iамеркан президент Трамп Доналд тIебогIучу баттахь Къилбаседа Корейн хьалханчица Ким Чен Ын-ца шен хила езачу саммите вахарх юхавала мегаш хиларх хаам бинера кху деношкахь вице-президенто Пенс Майка, Къилбаседа Корейно и цхьаьнакхетар хир ду бохург шеконе диллинчул тIаьхьа.

Fox News телеканалана ша еллачу интервьюхь Пенса дIахьедар дира, Iамерка юхаялийта гIерта ца оьшу, шаьш лардийр доцу ваIданаш а деш аьлла.