Къилбаседа Корейца къамел юхадолорах лаьцна хаам бина Iамеркан президенто Трамп Доналда, цу мехкан лидерца шен хила дезаш хилла цхьаьнакхетар ша юкъахдаьккхинчул тIаьхьа.
Трампа дийцарехь, Мангал-беттан 12-чохь хила деза дийцарш хIинца а хила мегаш ду.
Еарин дийнахь Iамеркан президенто дIакхайкхийра, Ким Чен Ын-ца дIадахьа юьхьарлаьцна хилла цхьаьнакхетар хир дац аьлла. Цуьнан бахьана дара Къилбаседа Корейно дина цхьацца кIоршаме чулацам болу дIахьедарш.
Пхеньяно шен агIор ша гIайгIане хилар хаийтира, шайца дага а ца бовлуш, цхьаьнакхетар юкъахдаьккхарна. Къилбаседа Корейно дIахьедар дира, Трампа бинчу сацаме хьажна доцуш, дагадовларш дIадахьа кийча ду шаьш аьлла.