ГIу чу доьжна бер делла Курчалой-Эвлахь

Ден - ненан Iуналлера даьлла цхьа шой ах шой долу жима бер шайн кертарчу канализацин гIу чу а доьжна, делла. ТIаьхьо беран дакъа Курчалойн кIоштан дарбан цIийне кхачийнера. Болийна дIахьош талламаш бу оцу гIуллакхан хьокъехь, хиллачун мах хадош.

Мехкан прокуроро Абдул-Кадыров Шарпуддис шен тергоне эцна и гIуллакх таллар.