ГIалгIайчоьнна 50 миллионна зен хилла мехкадаьтта дIа а ихна

ГIалгIайчохь мехкадаьтта дIа а ихна 50 миллион соьмана зен хилла. Республикан Малгобекан аренашкахь хилла и экологин катастрофа, яздо "Интерфакс-Юг" хьостано. Йоьхначу турбанашчухула дIаихна мехкадаьтта. ХIаллакдийна иштта ялта дIадеран латтанаш а.

Ницкъаллийн структураша административан гIуллакх диллина, Оьрсийчоьнан латтанан низам дохорна дуьхьал.