Герз лелорна ши шо хан тоьхна Гуьмсерчу вахарчочунна

Бакъо йоцуш герз а, цунан патармаш а лелорна бехкевинчу Гуьмса кIоштарчу вахархочунна набахтехь даккха ши шо хан кхайкхийна. Талламчийн версица, ши бутт хьалха тапча а эцна, шеца лелош хилла цо. Бутт хьалха полисхоша рейдаш дIахьочу хенахь каравеана и стаг, дийцина "Кавказан узел" агенталле мехкан прокуратурехь.

Кхааридийнахь Гуьмсерчу кхело ши шо дIакхайкхи цунна. Бинчу сацамна реза вацахь, гергарчу иттех дийнахь арз дан бакъо ю цуьнан.