Белгехь дина тIелатар даIишхоша шайна тIелаьцна

Белгин Льеж гIалахь шинаридийнахь дина тIелатар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано. Исламхойн инернетера жигаралла шен тергонехь латточу SITE гIирсо бина и хаам. Льеж гIалахь шинаридийнахь герзаца тIелатар динчо кхо стаг вийра. Царех шиъ полисхо ву. Кхин а шина эпсарна чевнаш йира. ТIелатар динарг вийра полисхоша. Ша тIелатар дале кхиина иза 30 шо долу кхин цхьа стаг вен а.

36 шо долу Эрман Бенжамэн хиллера и зуламхо. Хьалхо кега-мерса зулам дина набахтехь хан яьккхина а хилла иза. ТIаьххьарчу хенахь, полицино чIагIдарехь, радикалан хьежамашка ваьллера иза.