Аьхкенан садаIар кхушара шайн махкахь хир ду берийн

Кху шеран аьхкенан садаIар Нохчийчохь хир ду махкарчу берийн. Республикерчу садоIийлашка хьовсор бу 20 эзар гергга дешархой. ХIинцале а Сиржа-Эвларчу "Ламанан шовда" садоIийлехь ду 500 бер.

Берашка садаIийта Iалашонца карарчу шарахь Нохчийчоьнан Iедалхоша 400 миллион сом ахча юкъадиллина. "Таханалерачу дийнахь республикехь болх беш ю 4 берийн садоIийла: Шелвковскера "Хазахетар", Шелан кIоштара "Светлячок", "Ламанан шовда", Нажин-Юьртара "Ламанан Беной" а. Цхьана рожехь 350-500 бер тIеэца таро ю оцу садоIийлийн", - аьлла махкарчу къинхьегаман министралло.