Марха достучу деношна балхах мукъабаьхна Нохчийчуьра бахархой

Архивера сурт.

Нохчийчуьрчу Iедало мукъа денош кхайкхийна республикехь Мангалан-беттан 15-18 денош. Меттигерчу муфтиятан дехарца, цу хьокъехь леррина сацам тIеэцна Iедалан куьйгалхочо Эдельгериев Абубакара.

Цуьнца цхьана, Нохчийчуьрчу диндайша цкъачунна билгалдаккхаза ду Марха досту де.