Мангал-беттан 2-чохь дуьхьалонан акци вовшахтоьхнарш лецна Несарахь

Архивера сурт.

ГIалгIайчохь полисхоша лецна кху беттан 2-чохь Магасехь хилла митинг вовшахтоьхнарш. Цунах лаьцна хаам бина меттигерчу бакъонашларъярхочо Муцольгов Мохьмада, яздо Кавказ.Реалиино.

Муцольговс дийцарехь, юкъараллан жигархой Ужахов Малсаг а, Богатырев Батыр а, Газгиреев Мухтар а латтош ву Несарарчу полицин декъехь. Полисхоша лоьхуш ву кхин а лаххара а 4 стаг.

Магасехь хиллчу митинге гулбеллачу наха доьхург дара республикан куьйгалхо бахархошка харжийтар. Дуьхьалонан акцин декъашхой гулбеллера Магасехь дечу маьждигана уллехь. Жимма хан яьлча, уьш бахара парламентан гIишлонна хьалха.