Къилбаседа ХIирийчохь шен ваша вийна стаг лоьхуш ю полици

Гайтаман сурт.

Къилбаседа ХIирийчуьрчу Виноградное эвлахь дов иккхина хилла шина вешийн, яздо Кавказ.Реалиино. Бага а йиттина, вовшашна буй-тIарий дан волавелла и шиъ.

Эххаре а 45 шо долу ваша тоьлла. Цо буй биттина кхетам чуьра ваьккхина шен 55 шо долу ваша. Дарбанан хIусамехь, кхин метта а ца вогIуш, иза велла.

Бехкениг къайлаваьлла. Иза лоьхуш бу полисхой.