Парижехь суьдхочо 39 шо долчу нохчочуьнга бехк кховдийна, адамашна ницкъ барца доьзна хIуманаш лелорна. Цунах лаьцна хаам бина Франс Пресс Агенталло (АFP).
Бехкевийриг а, зуьнан хIусамнана а лаьцна хилла дIадаханчу кхаарин дийнахь Францин юккъерчу Пюи-де-Дом а, Мозел (малхбале) а департаменташкахь.
Шоьтан дийнахь зуда дIахецна, цхьа а бехк а ца кховдош.
АFP агенталло дийцарехь, лаьцна волчо дакъа а лоуш, адамашна ницкъ бар Iалашонца (терроран) тоба кхоллар хьокъехь таллам дIахьош бу. Хьалхо цу агенталло хаам бинера, ши нохчо лаьцна аьлла, уьш муьлш бу а ца олуш, амма таллам бар и шиъ Шема вахана хиларца доьзна хилар а хьахош.