Дерригдуьненна вевзаш боксёр хиллачу Iела Мохьаммадна геч дан дагахь ву ша, иза арме ца воьдуш дуьхьал валарна аьлла, дIахьедар дина Iамеркан президенто Трамп Доналда, хаам бо ВВС-но. Амма, ма дарра аьлча, Iела геч дар оьшуш вац – цунна дина таIзар юхадаьккхина 1971-чу шарахь, яздо цу зорбанан гIирсо.
Iелица цхьаьна Трампа ша геч дан дагахь ву боху кхин "эзарнаш нахана". Буьйцурш муьлш бу ца дийцина Iамеркан президенто.
Iела Мохьаммадна хан кхайкхийра 1967-чу шарахь, тIом боьдучу Вьетнаме эскарехь гIуллакх дан вахарна дуьхьал валарна. Цо латкъам бира цу кхелан сацамна. 1971-чу шарахь иза юхабаьккхира.
Iела Мохьаммад велла 2016-чу шарахь Мангал-баттахь. Цуьнан дара 74 шо.