Мисарара футболан тоба Соьлжа-ГIалахь дIатарйина

Мисарара футболан тоба Соьлжа-гIала кхачарах хаамбина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамазана кIирандийнахь шен Telegram-каналехь.

"Соьлжа-ГIалин аэропортехь делкъанна охьадоьсина Мисаран футболан тоба ялош кема. Футболан фанаташ гIадбаханера Салахь Мухьаммад гIоле веана а, 2018-чу шеран дуьненаюкъарчу чемпионатехь дакъалоцуш хилларна а. Пхи седа болчу The Lokal хьешан цIийнехь дIатарйина тоба. "Ахмат - Арена" стадионехь кечамаш бийр бу цара чемпионатна. Маьрша догIийла Оьрсийчу", - аьлла, яздина Кадыровс социалан машанехь.