ГIалгIайчохь шерашкахь чIирехь лаьттинчу нахана юкъахь маслаIат дина

ГIалгIайчуьрчу Малгобекехь 7 шарахь чIирехь лаьттина шина тайпанна юкъахь маслаIат дина. Республикера маслаIатан комисси юкъахьовзарца ЦечоевгIара гечдина шайн гергара стаг вийначу МамерговгIарна.

Барт бечу миссехь теш хIоьттина мехкан урхалхо Евкуров Юнус-Бек, иштта дакъалаьцна махкахь лоручу Iеламнаха а, хаамбо ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун пресс-гIуллакххоша.

"ЧIирхошна юкъахь бартбар Далла дезначух ду элира Евкуровс. Дахарехь зеделлачо а, къанойн хьекъало а, адаман сингаттамна уьш сема хиларо а аьтто баьккхина шина цIенна юкъахь маслаIат дан", - аьлла, билгалдаьккхина пресс-релизехь.

2009-чу шарахь дуьйнна кхоьллина ю ГIалгIайчохь маслаIатан комисси. Оцу хеначохь церан аьтто хилла масех бIе доьзалийн бартбан.