ПIаьнгазахь ца бахийтина "Ахмат - Сила!"

Нохчийчоьнан байракхашца а, Кадыров Ахьмадан суьрташца а кечйина, Оьрсийчоьнан лоьмаршца йолчу шина машено къепе йохийнера пIераскандийнахь ПIаьнгазахь. Меттигерчу Iедалхоша спецназ кхайкхинера, дуьйцу Гуьржийчуьрчу зорбанаша.

Нохчий бехачу Дуисехь а, Биркианехь а гIоьртина хьал лаьттара. "Ахьмад – ницкъ бу" бохуш, машенчуьра маьхьарий а детташ, машенаш гучуйийларо дардинера шаьш аьлла бахархоша.

Машенаш тIера байракхаш а, Кадыровн портреташ схьадаьхна. Девнаш дийлина вовшашца, латарш хилла, дуьйцу телекомпанино.

Гуьржийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло спецназ хьажийна инцидент иккхинче, конфликт ерзо.