Алапаш лахдан мегар дац аьлла Путина

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца хиллачу цхьанакхетарехь Оьрсийчоьнан президенто билгалдаьккхина, тIедогIучу шарна бюджет вовшахтухучу хенахь регионаша белхалойн алапаш охьадаха мегар дац аьлла. Путина бахарехь, масех субъекташкахь хIинцале а лахдина алапаш. 2012-чу шарахь социалан сферехь Стигалкъекъа-беттан омранаш кхочушдеш алапийн барам дIанисбина, цундела 2018-чу шеран а, кхидIа йолчу хенахь а бюджет вовшахтухуш а барам лахбан мегар дац аьлла, дагадаийтина президенто.

"Лакхене кхийда деза хIуъа дина а", - аьлла, билгалдаьккхина Оьрсийчоьнан президенто.