Шу муьлхачу къомах ду, бераш?

Your browser doesn’t support HTML5

Хийла воккхачуьнга балуш боцу болх бо Соьлж-ГIаларчу берийн кхоллараллан ЦIийно – йовзуьйту, езайолуьйту кхечу къаьмнийн векалшна нохчийн синмехаллаш – куьйга дина тоьганаш, йийбар, пхьегIа, къоман хатI гойту тайнигашца, хелхаршца, эшаршца. Оьрсийчохь дIахьочу къовсамашкахь дуккхаза а шаьш хьалхара меттигаш бахарх дозаллица дийцира Маршо Радион корреспонденте берийн кхоллараллан ЦIийнерчу педагого Аюбова Маликас.