СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхехь бехачу зударшна официалан кепара машен лело бакъо елла Iедалша. Цу хьокъехь паччахьо арахецна омра болх бан доладелла кIирандийнахь, Мангал-беттан 24-чохь, дуьйна.
Тахханалц СаIудийн пачхьалкх цхьаъ бен яцара зударшна машен лелор дихкина латториг. И бахьана долуш цу махкарчу доьзалийн дезара машенна урхалла дайта леррина стаг лаца.
И хьал хийцарх лаьцна СаIудийн Iедалша дIахьедар динера стохка Гезгмашин-баттахь, ткъа машенна урхаллаа дан оьшу кехаташ зударшна дала долийра цигахь Мангал-бутт болалуш.
Цуьнца цхьана, Маршо Радионо хаам бина ма хиллара, некъан полицехь болх бан бакъо а елла СаIудерчу зударшна.