ГIалгIайчохь герзаш диттина ши стаг лазийна

Несарарчу колледжна уллохь герзаш диттина шина стагна чевнаш йина. Политехникан колледжна гена доццучехь дийнахб 11 сахьт долучу хенахь иккхина и инцидент. Ницкъаллийн структурашкарчу хьостано дийцарехь, жимчу шина стеган дов далар бахьана долуш хилла зулам. Цо чIагIдарца, Lada Granta а, ВАЗ-2114 а машенашчуьра диттина лазийначарна тIе герз.

Зуламхой лаца дагахь барамаш бу дIахьош Несарахь. ГIалгIайчоьнан дарбан цIийне кхачийна лазийнарш.